Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира. Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. Цу экханан мухІар таІийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хІумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухІар тІехь цу экханан цІе я цуьнан цІеран терахь дара. Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн». Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода