Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нийсачу новкъахула лелларш паргІатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Іожаллин меттахь. Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. Вай Іийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Іийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. ХІунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гІуллакхех паргІатваьлла, Дела Шен гІуллакхех паргІат ма-валлара. Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
Выбор основного перевода