Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра. Цу дийнахь Ярушалайм-гІалахь хІуттур долу белхар, МагІидда-арахь йолчу ХІадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду. Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Левин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаІин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу». Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. Іийсана тІаьхьа дукха адам догІура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоІарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. Ткъа тІемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Іийсан агІонах, пІендаршна юккъе. Цу сохьта цІий а, хи а охьадахара. Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегІах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш». Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа.
Откровение
Выбор основного перевода