Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Иштта хІаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагІий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богІуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тІехь машар лаьттира. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
Откровение
Выбор основного перевода