Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла. Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. Саьрмик чІогІа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тІаьхьенах болчу кхечаьрца тІом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.
Откровение
Выбор основного перевода