Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Іара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тІе дІахІоттийра.
Откровение
Выбор основного перевода