Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. «Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. «Иштта Тхьайтир-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху бІаьргаш цІеран алу санна а, когаш къегачу цІастанах санна а болчу Делан КІанта.
Откровение
Выбор основного перевода