Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гІуллакх деш берш аьлла, цІе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю. ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин! Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хІума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гІуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тІехь паччахьалла дийр ду».
Откровение
Выбор основного перевода