Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тІе“. Иза ю Сан цІе абадехь, цу цІарца хьахор ву Со тІейогІучу тІаьхьенаша. Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. ПохІманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара. «Сардис-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхІ Са а, ворхІ седа а Болчо: „Девза Суна шун гІуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цІераш лелайо, амма шу делла ду. ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш.
Откровение
Выбор основного перевода