Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Везачу Эло цхьа а хІума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дІа а ца йовзуьйтуш. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: ДІавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХІун хир ду те хІинцачул тІаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дІайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира. ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. «Эпас-гІаларчу динан тобанан малике дІаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхІ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхІ стогарна юккъехула лелаш Волчо: Симран-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хІинца дийна волчу хьалхара а, тІаьххьара а Волчо: «Паргам-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агІор ира долу тур Долчо: «Иштта Тхьайтир-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху бІаьргаш цІеран алу санна а, когаш къегачу цІастанах санна а болчу Делан КІанта. ВорхІалгІачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Іалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла. «Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а». Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Откровение
Выбор основного перевода