Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Суна адаман дегІан суьртехь цІерах йогуш йолу цхьа хІума гира. Цуьнан гІодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цІе санна яра, ткъа цуьнан гІодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цІаста санна дара. Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
Откровение
Выбор основного перевода