Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш». ХІара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дІадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша. Дерригенан а чаккхе тІекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тІаккха шуьга доІанаш далур ду. Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. «Хаалаш, Со кестта вогІур ву. Декъала ву кху тептар тІехь дІаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!» Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тІехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хІунда аьлча и дерриг а хир долу хан тІекхочуш ю.
Откровение
Выбор основного перевода