Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Ас цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву, иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву. Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна. ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе». Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. «Лаудика-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина. Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Откровение
Выбор основного перевода