Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш муьлххачу гІала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тІелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Іе, шаьш дІадаха хан тІекхаччалц. Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.
Выбор основного перевода