Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цунна тІаьхьавогІуш вара бІаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КІант!» ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» «Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?» И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КІант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КІант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса ву.
Выбор основного перевода