Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бІе шекхал дети а, пхеа тайпана тІеюху хІуманаш а елира. И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац! Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. «ЛадогІалаш! Со, къу санна, цІеххьана вогІур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тІеюху бедарш куьйга кІел а латтош, сема берш». Цо цІена а, лепаш долчу а дуткъачу кІадинан коч тІеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кІади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гІуллакхаш бохург ду.)
Выбор основного перевода