Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча уьш хІинца а Делан Йозанаш тІехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара. Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Іийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хІора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина. Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хІинцалера стигалш а, латта а даго Іалашдеш ду, къематан а, Іеса нах хІаллакбен а де тІекхаччалц. Цхьа хІума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. ХІунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Іаржделлера. Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду.
Выбор основного перевода