Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тІе динан да волу ЦІадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а». Уьш паччахь волчу чубевлира. Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. И хІума шаьш дина девллачул тІаьхьа юха схьавалаве иза. ТІаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга». ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а». ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» Цул тІаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тІаьхьахІоьттира. Массо а халкъана и хІума чІогІа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора. Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла.
Выбор основного перевода