Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тІера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тІера схьадогІуш ду». Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, Ша кхиинчу гІала а веана, церан гуламан цІа чохь нах Іамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хІуманаш лело ницкъ? Іелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дІахезира иза. Цара ойла йора, Іийса хІаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хІунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех.
Выбор основного перевода