Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира. Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахІала чІоггІа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян». (ХІунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.) Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.
Выбор основного перевода