Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. Цундела урхалчашна йогІу ял дІало, уьш и гІуллакх даим кхочушдан дІахІиттийна Делан белхалой болу дела. ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара. Везачу Элан дуьхьа адамна тІехь урхалла дечу Іедална муьтІахь хилалаш: паччахьна, хІунда аьлча цуьнгахь лаккхара Іедал ду, куьйгалхошна, хІунда аьлча уьш зуламхошна таІзар дан а, дика гІуллакх дечарна совгІат дала хІиттийна бу. ХІунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гІуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дІасовцадо. ПаргІат даха, амма цу паргІатона тІехьа а лечкъаш, вон гІуллакхаш ма леладе, хІунда аьлча шу Делан леш ду. Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.
Выбор основного перевода