Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кІеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза. Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло. ТІаккха и мостагІий а, дохко а бевлла, меттабогІур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дІалаьцначу цуьнан речІанах паргІатбевр бу.
Выбор основного перевода