Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». Ткъа аса шайна тІехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагІий, схьа а балабай, хІокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла». Цхьа денош догІур ду, мостагІаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агІор хьо къовлуш. «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. ТІаккха ЯхІуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гІалахь берш цу чуьра арабовла беза, гІалина арахь берш чу ца богІуш совца беза, хІунда аьлча уьш „таІзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тІе, Дела оьгІазгІур ву кху халкъана. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц».
Выбор основного перевода