Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а». Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“. ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»? Шен когашка Шен мостагІий Дала охьабахккалц, хьоьжуш.
Выбор основного перевода