Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІора Ша то мел винчу стагана Іийсас тІедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла. Уьш лам тІера охьабуьссучу хенахь Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!» ТІаккха Іийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» Іийсас жоп делира: «ХІаъ, Эли-ЯхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». ТІаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла. Іийсас чІогІа тІедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоІана яа хІума ло», – элира Цо цаьрга. Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. ТІаккха Іийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна. Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.
Выбор основного перевода