Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасакхуьйсуш ву. Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасабекъаболуьйтуш ву». Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хІинца вайна юкъара дІабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогІуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дІабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогІуш ца хилар. Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Іийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. Ткъа Іийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догІур ду аьлла, иза хІинцале а долуш а ду дуьнен чохь. Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хІунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугІу цаьрга. Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугІу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугІу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.
Выбор основного перевода