Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Изабала Эли-ЯхІуна тІе геланча вахийтира, цуьнга дІаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь аса, кхана хІара хан тІекхачале, оцу пайхамарех хІоранна а диннарг хьуна а ца дахь». Эли-ЯхІус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гІуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дІатесна, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара». Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу Эли-ЯхІу. Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама».
Выбор основного перевода