Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сан Дела! Ва сан Дела! Со хІунда вити Ахьа? Ас чІогІа орца даьккхинехь а, сан кІелхьарвалар генахь ду суна. Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа. Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дІавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан. Суна гена ма валахь, хІунда аьлча тІебогІу бала гергахь бу, ткъа гІодийриг вац сан. Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а. Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох. Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. ХІарода а, цуьнан тІемалоша а, бела а бийлина, доггах Іийса сийсаз а вина, Цунна тІе дезачу, лепачу кІадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дІахьажийра. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза.
Выбор основного перевода