Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» Стигалара деана и аз тхуна хезира, Іийсаца безачу лам тІехь тхо долуш. Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, Іийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цІа чуьра ара ма велли, ШамІа а, Іандар а волчу цІа вахара. Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. Іийса Зайт-диттийн лам тІехь Делан цІийнан кертана дуьххьал хиъна Іаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Іандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кІант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамІин накъостий. Іийсас элира ШамІе: «Кхера ца оьшу! ХІинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.
Выбор основного перевода