Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса цІа чу ваьлча, бІаьрзенаш Цунна гергга тІебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бІаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!» Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. Іийса мурдашца Ерихоне веанера. ТІаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гІалара араволучу хенахь бІаьрзе волу Тхьамайн кІант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагІа доьхуш. Назартхо Іийса вогІуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Іийса, Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох». Дукхахболчара иза чехавора, гІовгІа ма е а бохуш, амма и кхин а чІогІа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. Іийсас, саца а сецна, иза Шена тІекхайкхийтира. БІаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тІевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш. Шен тІехулара бедар дІа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Іийсана тІе веара иза. «Хьуна хІун оьшу Соьгара?» – хаьттира Іийсас. БІаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БІаьрса ган лаьа суна». Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза. Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хІокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. Іийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хІорда чу догІало!“ Цо аш бохург дийр дара. Іийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»
Выбор основного перевода