Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». Эххар а сагІадоьхург велла. Маликаша ИбрахІимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дІаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дІавоьллина. Жоьжахатин цІергахь Іазапехь воллуш, дІахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахІим а, цунна уллохь ЛаІзар а гина. Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахІим! Къинхетам бехьа сох. ЛаІзар ваийтахьа, шен пІелг хи чу а Іоьттина, сан мотт шелбайта, хІокху цІергахь чІогІа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. Амма ИбрахІима аьлла: „Сан кІант! Дагадаийта, хьо муха Іаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаІзарна – дерриг вониг. ХІинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чІогІа кІорга Іин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тІеван лиъча а, иза дІавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь. Іожалла а, эхарт а цІе яьлла богучу Іам чу тесира. (И Іам шозлагІа валар ду.) Дахаран тептар тІе дІаязвина мел воцург цІе яьлла богучу Іам чу тесира.
Выбор основного перевода