Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам». Іийсана тІе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам!» ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
Выбор основного перевода