Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. Нагахь санна хьан аьтту бІаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул. Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тІегІерташ делахь, и куьг дІа а даккхий, дІакхосса. Хьайн дегІан цхьана меженах вāлар гІоле ду хьуна, жоьжахатин цІергахь вагавойтучул». Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дІакхосса. ХІунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гІоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул. Хьан бІаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дІакхосса. Цхьана бІаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гІоле ду хьуна, ший а бІаьрг а болуш, жоьжахатин цІергахь хьо вагавойтучул». ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду). Иштта дерг лелорна муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло тІейогІур ю. Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хІуманех дуьзна долчу хенахь. Ткъа хІинца и шадерг дІадаккха: дералла, оьгІазалла, хьагІ, вониг дийцар, боьха бага леяр. Вовшашка харц ма ле, хІунда аьлча шайн шира адам цуьнан гІуллакхашца цхьаьна аша дІа ма тесна. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.
Выбор основного перевода