Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсага куьг тІедиллийтархьама бераш далийра Цунна тІе, амма мурдаша тІе ца дуьтура уьш. Иза гиначу Іийсас, оьгІаз а вахана, элира цаьрга: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». ТІаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тІе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Іийсас. Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. ХІунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу».
Выбор основного перевода