Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. «ЛадогІа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КІант динан коьртачу дайшкий, Іеламчу нахей дІалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. ТІаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дІалур ву. Цара Иза жІарах дІатухур ву. КхозлагІчу дийнахь Иза денвийр ву». Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву. Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тІе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дІалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тІе шеташ етташ хир бу. Цара Цунна шед еттар ю, тІаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“».
Выбор основного перевода