Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла. ТІаккха, и стаг дІаса а виттина, чІогІа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. Чохь берш чІогІа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хІун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тІехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугІу». Цу сохьта, Іийса а гина, массо а адам цецдаларца тІехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама.
Выбор основного перевода