Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. «ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дІахІоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маІийн деза де хир ду шуна. Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. ВорхІ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хІунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тІехь а, шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а декъалдина ду шу. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц. Кхин цхьа хІума а ду: со ЯхІуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхІуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгІачу шарна тІера ткъе шуьйтталгІачу шарна тІе кхаччалц. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц. Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгІаташ делира. ЯхІудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бІе ткъе итт динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара. Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а.
Выбор основного перевода