Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иштта Этаним олучу шеран ворхІалгІачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чІогІа самукъадаларца ворхІ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гІирсашца хІора дийнахь Цунна хастамаш бора. Цул тІаьхьа, товрат-хьехамашна тІехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош дІахІиттийра цара. ХІора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагІанаш дехира цара.
Выбор основного перевода