Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ша паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Іабди-ЯхІу, Закри-ЯхІу, Натунаил, Мика-ЯхІу яхІудхойн гІаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхІушаптис. Цаьрца цхьаьна хІара левихой бахийтира цо: ШамІа-ЯхІу, Натан-ЯхІу, Забди-ЯхІу, ІасахІал, Шамирамути, ЯхІуната, Адан-ЯхІу, ТІуби-ЯхІу, ТІуба-Адан-ЯхІу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаІ а, Йорам а вахийтира ЯхІушаптис цаьрца. Везачу Элан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхІуд-махкахь. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара. Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дІакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІанта Сулима дІахІоттийначу Везачу Элан цІа чохь охьахІоттаде Делан деза тІорказ. ХІинца дуьйна иза дІа а, схьа а лело дезар дац аша. ХІинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гІуллакх де аша. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Выбор основного перевода