Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цІенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Іаш болу тІебаьхкина нах а. Цул тІаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дІакъастийна мел долу хІума сайн цІенна тІера схьа а эцна, иза левихочунна а, тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дІаделла ас, Ахь суна тІедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина. Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дІало. Цундела ярташкахь Іаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгІа де, чІогІа самукъане де дина, дІахІоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгІаташ деш а хилла. И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хІунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагІех паргІатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дІахІоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дІахІоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгІаташ дала а, гІийлачарна сагІина хІума яла а дезара.
Выбор основного перевода