Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира. Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Іупалахь Іаш а болуш, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тІера арайолучу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тІехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тІе тесна ченаш а йолуш.
Выбор основного перевода