Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Іупалахь Іаш а болуш, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тІера арайолучу бІаьвнна тІе кхаччалц. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Цул тІаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧІерийн кевнах а тІехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бІаьвнах, Меа олучу бІаьвнах а тІехбевлира уьш. УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц дІа а бахана, ГІаролан кевнна уллохь севцира уьш. Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду.
Выбор основного перевода