Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. БархІалгІачу дийнахь беза гулам дІахІоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш.
Выбор основного перевода