Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. «ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза.
Выбор основного перевода