Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. ХІара хууш доцу церан бераш а, хІара дІа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хІокху лаьтта тІехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іемар ду».
Выбор основного перевода