Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гІайгІа бойла. Цунна хьалха гора а хІиттина, суждана бахара уьш. НеІалт тІедоуьйту хІара хи хьан дегІа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гІогІаш а толхуьйтуш’. ТІаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, – ала деза. Сайн некха тІе уллу тІоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цІен тІера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!» Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира. Делан цІийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша. qac Оqac*цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а. Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза.
Выбор основного перевода