Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гІаттий, лам тІе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дІахІотта. ТІаккха хьуна уллохула тІехвер ву Со». Оцу хенахь чІогІа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тІаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. Хьо къобал ца вечу халкъашна тІе хьажаехьа Хьайн оьгІазалла, Хьуна Іамал ца ечу пачхьалкхашна тІе хьажаехьа Хьайн дералла. Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Дуьнен чохь дийна мел долу хІума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хІорда чохь долу чІерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хІума, иштта лаьтта тІера хІора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду. Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода