Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тІемалошна тІе хІоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цІе латор ю, ткъа и цІе чІогІа йогуш хир ю. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза. Бере а дагардаллал кІезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь. Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гІоранца дитташ тІера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дІахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду. Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю. ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.
Выбор основного перевода