Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». хІунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дІа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до. Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам. Цунна гонах мархаш а, Іаьржа бода а бу. Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Іаршан бух бу. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. Ахьа стигаларчу хишна тІехула Хьайна Іа меттиг йо. Мархех Ахь Хьайна гІудалкх йо, Хьо мохан тІемашна тІехь а хехкало. Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Іаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан. массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чІогІачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дІакхоллучу цІерца а гІо дийр ду хьуна.
Выбор основного перевода