Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх! Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хІокху гІаларчу адамашна вон хьехарш до. ХІун дагадеана шуна Везачу Элана дан? Цо шу кхоччуш хІаллакдийр ду! ШолгІа шуна бохамаш бан оьшур дац.
Выбор основного перевода